День чеченского языка
25.04.2019Вайн историн доккха цхьа дакъа ду шийтта шо хьалха НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЬЙГАЛХОЧО, РОССИН ТУРПАЛХОЧО, АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНА шен омрица оханан беттан 25-г1а де Нохчийн меттан де д1акхайкхийна хилар. Оцу балхо яккхий таронаш кхоьллина нохчийн мотт к1орггера 1амо.Нохчийн меттан дезачу денна лерина Шелковски к1оштан Каргалинскерчу СОШ-ехь д1адаьхьира "Нохчийн кхерчахь" ц1е йолу цхьанакхетар. Иштта Баширова З.Б. д1аяхьира урок-КВН: "Дайн оьзда г1иллакхаш лардеш", дешпрхоша гайтира "Нохчийн мотт - нохчийн къоман сий!" ц1е йолу концерт.